Чулацаман тӀегӀо

Вен кхиэл

Талларе хьожуш
[бӀаьра нисйан | нисйан]
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Вен суд — адамо динчу зуламна пачхьалкхо тӀелецна таӀзар даран кеп йу. Таханлерачу дийнахь дукхахйолу юрисдикцешкахь вен суд Ӏедалца йогӀуш йац, ткъа вукху пачхьалкхашкахь- доккха зулам дина волчу стагана бен йеш йац иза. 2016-чу шеран товбецан-баттахь (сентябрехь) 60-чу пачхьалкхашкахь гергга 22 500 стаг вара кхиэлан сацам кхочушбарна «собар деш». Уггаре дукха оцу хьолехь бара Америкин Цхьанатоьхначу Штаташкахь — 2500 адам. ХӀора шарахь вен суд дӀайахьарца 1000—2000 адам хӀаллакхуьлу[1][2].

Вен кхиэлан тайпанаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Вен суд шина тайпана хуьлу: говзаллин (квалификаци йолу) а, говзалла (квалификаци) йоцу а. Говзаллин тайпа вен кхиэл йолчу хьокъехь вен кхиэл динчу зуламе хьажжина хуьлу. Говзалла йоцу вен кхиэлан хьокъехь- муьлхха а зуламна цхьатерра вен кхиэл дӀахьо.

Вен кхиэл таханлерачу дийнахь.      ДIайаьккхина      Гуттарлерачу кхиэлахь лелош йац, амма йитина ша-башхачу кхиэлахь (масала, тӀеман заманан бакъонехь)      Низамца билгалйина йу, амма практикехь лелош йац      Пайда оьцу

Кхузаманахь пайдаоьцуш йолу вен кхиэлаш:

  • тоьпаш тохар
  • ирхъоллар
  • тӀулгаш тохар
  • дӀовш тохар (лен инъекци)
  • электронан гӀант
  • корта баккхар
  • газан чоь

Amnesty International кхолламан хаамашца, 2018-чу шарахь дуьненахь рогӀера вен кхиэлаш лелош йара: Ирхъоллар а (итт пачхьалкх), тоьпаштохар а (ялх пачхьалкх), лен инъекци а (йиъ пачхьалкх), корта баккхар а (СаӀуди Арави), электронан гӀант (Америкин Цхьанатоьхна Штаташ)[3].

Вен кхиэл динашкахь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ШарӀехь вен кхиэл яр масийтта бахьана ду: хуъушехь (стаг) вер а[4], гомосексуализм а[5], зина а (зуда-майра ямарт хилар) а[6], ислам дитар а[7].

Альбакъара (Етт) суратехь бӀе кхузткъе берхӀийттолгӀачу айатехь йаздина:

ХӀай шаьш [Дéлах] тешнарш! [Дáла] Шуна [йаздина] тӀедиллина байъанчáрна тӀéра [нийсонца] чӀир эцар . Маьршачунна дуьхьал маьршаниг, лайна дуьхьал лай, стéна дуьхьал стé . Шен [бусалба] вашас шéна цхьа хӀума гечдинарг [милла велахь], тӀаккха [цунна тӀехь гӀиллакхца] девзинчунца тӀаьхьавáзар а, диканца [нийсонца] цунга [гӀýда] дӀадалар а ду . И [кхел] шун Дéлéра дайдар а, къинхéтам а бу . Цул тӀаьхьа [шарӀал] тӀехваьлларг [милла велахь], цунна лазош [долу] Ӏáзап ду .

Сийлахьчу Косман а, Дамианан а вен кхиэл

Кхечу шира къаьмнийн Ӏедалехь санна, Библехь вен кхиэл йора адамо доккха зулам дича. Царна йукъахь: шаббат-дийнан дозалла дохор а, Далла лер а, стаг вер а, зина а (зуда-майра ямарт хилар) а, бежанца дӀавижар а, хьийзор а, сийсаздаккхар а, палтасар а, денна а, ненна а еттар а, адамийн лачкъор а.

Библехь хьахийна вен кхиэлан кхо тайпа: тӀулгаш деттар а, дагор а, ирахъоллар а.

Дуьххьал дӀа Ӏийсас вен кхиэлах ца дийцина, амма 51Ша стигала хьалаоьцу волу хан тІекхача йоьлча, Іийсас сацам бира Ярушалайме ваха. 52Цо Шен геланчаш хьалха бахийтира цхьана шамранхойн йуьрта, Шена оьшучунна кечам байтархьама. 53Амма оцу йуьртарчу наха Іийса тІе ца ийцира, хӀунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла. 54И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хӀаллакбойтур бу и нах». 55Амма Іийсас, йухавирзина, дихкира царна и дар. (Лака 9:51-55)

Берийн динчу зуламан хьокъехь Ӏийсас аьлла:

2Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тІулг, коча а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтар гІоле йу цу стагана. (Лака 17:2).

2007-чу шеран товбецан-беттан (сентябран) 26-чохь Европин Кхеташонан министрийн Комитето билгалдаьккхира вен кхиэлан дуьхьало йаран Де- лахьанан-беттан (октябран)- 10-гӀа де.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]