Бангладеш
Халкъан Республика Бангладеш | |||||
---|---|---|---|---|---|
গণপ্রজাতন্ত্রী বাংলাদেশ Gôno Projātontrī Bānglādesh | |||||
| |||||
Бангладешан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш |
1971 шеран 26 мартехь (кхайкхийна) 1971 шеран 16 декабрехь (къобала йина)[1] (Пакистанах) |
||||
Официалан меттанаш | Бенгалхойн мотт[6] | ||||
Коьрта гӀала | Дакка | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Дакка, Читтагонг | ||||
Урхаллин тайпа | Унитаран республика[2]; парламентан республика[3] | ||||
Президент Премьер-министр |
Хьамид Iабдул Хасина Шейх Вазед |
||||
Пачхь. дин | ислам (суннийш) | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 144 000[3] км² (92-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 6,4 % | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | ▲168 957 745[4] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2015) | 572,440 млрд долл. (48-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 3581 долл. | ||||
АДКИ (2014) | ▲ 0,570[5] (йуккъера; 142-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | Бангладешхой | ||||
Ахча | така (BDT, код 050) | ||||
Интернет-домен | .bd, .বাংলা | ||||
Код ISO | BD | ||||
Код МОК | BAN | ||||
Телефонан код | +880 | ||||
Сахьтан аса | +6 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьрру[7] | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Бангладе́ш (бенгал. বাংলাদেশ), официалан цIе — Халкъан Респу́блика Бангладе́ш[2] (бенгал. গণপ্রজাতন্ত্রী বাংলাদেশ) — Къилба Азера пачхьалкх. Бахархой багарбаран 2015 шеран жамIца, 168 млн сов стаг бу, мохк — 144 000 км²[3]. Бахархойн барамца дуьненахь бархIалгIа меттигехь йу , ткъа мехкан майданца дезткъе итталгIа йу.
Коьрта шахьар — Дакка. Пачхьалкхан мотт — бенгалхойн.
Унитаран пачхьалкх, парламентан республика.
Гуо баьккхина ХӀинди йу, къилба-малхбалехь Мьянмица жима дозанийн дакъош доцург, Бенгалийн айма а йоцург.
Бангладеш — моноэтносан пачхьалкх йу, 98 % бахархой бенгалхой бу. 89 % бахархой ислам динехь бу.
Аграрно-индустрийн пачхьалкх йу, кхуьуш йолчу экономикица. Эцаран таронан паритетца дерриге чоьхьара сурсатийн барам 2010 шарахь хилира 258,6 млрд АЦШ доллар (1700 АЦШн доллар базархойн цхьаьна синна). Ахча — бангладешан така.
Мехко маршо кхайкхийна 1971 шеран 26 мартехь. Махк бара Йоккха Британин колони, цуо караерзо йолийра иза XVII бIешеран хьалхарчу декъехь, XX бIешо долалуш шен Iедал кIела дахийтира доккхаха долу дакъа хIинцалерачу Бангладешан.
ЦIе
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бангладеш (бенгал. বাংলাদেশ) «бенгалхойн мохк»[8] бохург ду.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бенгалан кIоштара цивилизаци кхоллаелла диъ эзар шо гергга хьалха, регионехь дравидийн, тибетан-бирман, австроазин бахархой охьахевшинчул тIаьхьа[9]. Билггала «Бангла» йа«Бенгал» дош схьадаларх хууш дац, амма хетарш ду, иза схьадаьлла «Банг» дашах, вайн эрал 1000 шо хьалха махка кхаьчначу дравидийн тайпанех дисина долу[10]
Гангаридай пачхьалкхалла[en] кхоллаелла, угара а кIезиг, вайн эрал VII бIешо хьалха, хийцаелла тIаьхьарчу имперешца Бихар а, Магадха а, Нанда а, МаурьягIеран а, Шунга а. ТIаьхьа Бенгал дакъа хилира Гупта империн а, Харшан а III - VII бIешерийн муьрехь, тIаккха — буддий Пала империн.
Иза йоьхчи урхалчо Шашанкас кхоьллира ткъе пхиъ шарахь лаьттина паччахьалла. Шашанка лору, Бангладешан исторехь, дуьххьарлера возуш воцу паччахь. Анархин мурал тIаьхьа регионехь деа бIе шарахь сов урхалла дира хIиндуистийн Сена некъаша, тIаккха буддийн Пала некъаша.
Ислам Бенгал регионе кхечира XII бIешарахь Iаьрбийн йохк-иэцархошца а, дин даржош лелачу супийшца а, ткъа тIаьхьа хиллачу бусалбачеран тIемаша шуьйра даржийра ислам[11]. ОвхIанийн бIаьччано Бахтияр Хилджис[en] хIаллакдира Сена некъех волчу урхалчин Лакшманан эскар, 1204 шарахь схьайехира Бенгалан регионан йаккхий областаш. Регион оцу заманара дуьйна урхаллехь йу меттигера султанийн некъийн а, феодалийн а масех бIешарахь. XVI бIешарахь Бенгалан регионан терго йеш йара Моголийн импери, ткъа Дакка хилира Империн ладаме административан йукъ.
Европера йохк-иэцархой регионе кхача буьйлабелира XV бIешо чекхдолуш. XVIII бIешо долалуш европахойн Iаткъам чIагIбелира, Бенгал куьйга кIела йахара Британин Ост-ХIиндин компанин 1757 шарахь хиллачу Плессира тIеман жамIашца[12]. 1857 шеран Сипайн гIаттам цIарца девза цIий Iаноро, Iедал дIаделира коьртехь вице-паччахь волчу Британин Тажан[13]. Колонин олаллин муьрехь ХIиндостан ахгIайрен тIехь масийттаза мацалла хIоьттира, оцу йукъахь йу 1943 шеран Бенгалийн Йоккха Мацалла, иза бахьнехь велира кхоъ миллион стаг гергга[14].
1905 шерера 1911 шо кхаччалц гIиртира шина областана Бенгалин регион йекъа, малхбален декъан Дакка коьрта шахьар а йолуш[15]. 1947 шарахь ХIинди йоькъуш Бенгала регион екъна динан хьесапца. Бенгалан малхбуза дакъа ХIиндин йукъайахана, ткъа малхбален дакъа тIетоьхна Пакистанан, Малхбуза Бенгал провинцин (тIаьхьа Малхбален Пакистан аьлла цIе хийцина) хьолехь, коьрта шахьар Дакке а йолуш[16].
1950 шарахь Малхбален Бенгалехь лаьттан реформа хилира, цуьнца дIайаьккхина феодалийн система заминдар[17]. Амма, мехкан малхбален экономикин а, демографин а ницкъе хьаьжна ца Iаш, Пакистанан правительствехь а, нуьцкъалчу урхаллашкахь а даржехь бара малхбузан декъера бевлларш. 1952 шарахь кхоллабеллачу Бенгалхойн меттан статусан болам хилира дуьххьарлера ладаме хаам Пакистанан шина областан йукъахь барт ца хиларах[18]. Реза ца хилар тIекхетара, центран правительство экономикин а, оьздангаллин а сферашкахь бечу белхашца тIаьхьадогIу итт шарахь, оцу хенахь кхоллаелира политикин парти Авами Лиг бангла-мотт буьйцучу бахархойн векал хилла. Автономи йаларе кхайкхам беш волу Авами Лиг партин корта Шайх Рахьман Маджибур 1966 шарахь лаьцна, набахти чувоьллира, арахийцира 1969 шарахь йукъараллин ойланийн Iаткъам бахьнехь.
1970 шарахь чIогIа нуьцкъала циклонаш кхечира Малхбален Пакистанан бердаш тIе, иза бахьнехь кхелхира ах миллион сов вахархо[19]. Пакистанан центран правительство йуккъера реакци йира Iаламан бохаман тIаьхье дIайоккхуш. Бенгалийн бахархой карзахабехира, циклоно беина бохамаш дIабохуш правительство гIуо бина болх боцуш, кхин а бахьна хилира 1970 шарахь Парламентан харжамашкахь алсама меттигаш даьхна партин Авами Лиган корта Шайх Маджибур Рахьман шен офис чу ца витар[20]. Дийцарш дира, цигахь Пакистанан президент Яхьйа Хан гIиртира барт бан Маджибур Рахьманца, уьш доьхчи, 1971 шеран 26 мартехь омар делира тIаьхьарниг дIалаца аьлла, йолаелира операци «Прожектор»[21] тIемца схьабаккха Малхбален Пакистанан мохк. ТIом баран хьесапаш малхбуза Пакистанан эскаран агIора цIий Iанош дара, дукха адам хIаллак дира[22]. Коьрта гӀакх хилира Малхбален Пакистанан интеллигенци а, хIиндусаш а, иттех миллион тIемах бевддарш, ХIиндин махкахь лачкъа меттиг лоьхуш[23]. ТIамехь беллачеран мах хадоран терхьаш ду кхо бIе эзаран тIиера кхаа миллионе кхаччалц[24].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Constitution of Bangladesh Архивйина 2012-03-06 — Wayback Machine, Part V, Chapter 1, Article 66; University of Minnesota, retrieved: 2010-08-28
- ↑ 1 2 Государства и территории мира. Справочные сведения // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
- ↑ 1 2 3 Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 50. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4.
- ↑ SOUTH ASIA:: BANGLADESH (инг.). Central Intelligence Agency. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 11 июнь. Архивйина 2021-01-01 — Wayback Machine
- ↑ Human Development Report 2015 . ООН (2015). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 7 апрель.
- ↑ 3 // Конституция Бангладеш
- ↑ http://chartsbin.com/view/edr
- ↑ https://books.google.ru/books?id=S8s5AQAAIAAJ&q=(«Бангла»+значит+«бенгальская»,+«деш»+—+«страна»)
- ↑ Bharadwaj, G. The Ancient Period // History of Bengal / Majumdar, RC. — B.R. Publishing Corp, 2003.
- ↑ Early History, 1000 B.C.-A.D. 1202 // Bangladesh: A country study / James Heitzman and Robert L. Worden. — Library of Congress, 1989. — ISBN 8290584083.
- ↑ Eaton, R. The Rise of Islam and the Bengal Frontier. — University of California Press, 1996. — ISBN 0-520-20507-3.
- ↑ Baxter, C. Bangladesh, from a Nation to a State. — Westview Press, 1997. — ISBN 0-8133-3632-5.
- ↑ Baxter, pp.30-32
- ↑ Sen, Amartya. Poverty and Famines. — Oxford University Press, 1973. — ISBN 0-19-828463-2.
- ↑ Baxter, pp. 39-40
- ↑ Collins, L. Freedom at Midnight, Ed. 18. — Vikas Publishers, New Delhi, 1986. — ISBN 0-7069-2770-2.
- ↑ Baxter, p. 72
- ↑ Baxter, pp. 62-63
- ↑ Bangladesh cyclone of 1991. Britannica Online Encyclopedia.
- ↑ Baxter, pp. 78-79
- ↑ Salik, Siddiq. Witness to Surrender. — Oxford University Press, 1978. — ISBN 0-19-577264-4.
- ↑ Rummel, Rudolph J., «Statistics of Democide: Genocide and Mass Murder Since 1900», ISBN 3-8258-4010-7, Chapter 8, table 8.1. Rummel comments that.
- ↑ LaPorte, R (1972). "Pakistan in 1971: The Disintegration of a Nation". Asian Survey. 12 (2): 97—108. doi:10.1525/as.1972.12.2.01p0190a.
- ↑ Rummel, Rudolph J., «Statistics of Democide: Genocide and Mass Murder Since 1900», ISBN 3-8258-4010-7, Chapter 8, Table 8.2 Pakistan Genocide in Bangladesh Estimates, Sources, and Calcualtions.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |